Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эххар а, кхидІа иза лечкъо а ца яьхьна, эрзах тускар а дина, цунах силам а хьаькхна, кІант чу а виллина, тускар эрзашкахь берда йистехь дитира цо. Ткъа кІентан йиша геннара хьоьжуш яра цунах хІун хуьлу. Юха пирІунан йоІ еара Нил-хи тІе лийча. Цуьнан ялхой-зударий берда йистехула лелаш бара. ЙоІана эрзаш юкъахь тускар гира, цо шен гІарбаш яхийтира иза схьаэца. Тускар схьадиллича, чохь бер гира цунна. Бер доьлхуш хиларна, цунах къахийтира йоІана, цо элира: «ХІара Іебархойн бер ду». Цу хенахь тІееанчу кІентан йишас элира пирІунан йоІе: «Хьуна лаахь, ас, яхана, Іебархойн зуда ялор ю кІант вакхо». ПирІунан йоІа элира: «ГІо, хІета». Вукхо кІентан нана схьаялийра. ПирІунан йоІа элира зудчуьнга: «ХІара бер, схьа а эций, кхаба. Ас мах лур бу хьуна кхунах». Зудчо, дІа а даьхьна, бер кхебира. КІант воккха хилира. Нанас иза пирІунан йоІе дІавелира. Вукхо иза, шен волуш санна, лелавора. КІентан цІе Муса тиллира пирІунан йоІа (иза «схьаваьккхинарг» бохург ду), ша иза хи чуьра схьаваьккхина дела.
Выбор основного перевода