Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигаларчу Дала, Везачу Эло валийна со сайн ден цІийнера, со винчу махкара кху лаьтта тІе. ХІара латта сан доьзалан хир ду аьлла, чІагІо йинчу Везачу Эло Шен малик дохуьйтур ду хьуна хьалха даьккхина, хьоьга сан кІантана цигара йолу зуда харжийта. Цо элира шен халкъе: «Исраилан халкъ доккха хилла, иза вайна кхераме хила мегаш ду. Исраилхой ца дебийта хьовса деза вай. Нагахь тІом балахь, уьш вайн мостагІех дІа а кхетта, вайх лата а летта, кху махкара дІагІур бу». Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто. Іебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь царна гІо деш яра Шапарат а, ПуІа а цІераш йолу ши зуда. ПирІуно омра дира цаьрга: «Іебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь йоІ дийна йита, кІант ве!», – аьлла. Амма Делах кхоьруш йолчу шина зудчо пирІуно бохург ца дора, цара кІентий дийна буьтура. ПирІуно, тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «И хІун ду аша деш дерг? КІентий дийна хІунда буьту аша?» Шина зудчо пирІуне элира: «Іебархойн зударий мисархойчарал могуш а, онда а бу. Тхо тІекхачале бер дуьнен чу даьлла хуьлу церан». Дала диканиг дора цу шина зудчунна. Ткъа Іебархойн халкъ тІеттІа алсамдолуш дара. Шех кхоьруш и ши зуда хиларна, Дала церан шайн а доьзалш хилийтира. ТІаккха пирІуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Іебархойн кІант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоІ дийна йита», – аьлла.
Выбор основного перевода