Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Дала халкъе хІара дешнаш элира: «Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас. Везачу Элан, шайн Делан, цІе эрна ма яккха, хІунда аьлча Шен цІе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таІзар ца деш вуьтур вац. Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама. Адам ма де. Нахаца ма лела. Къола ма де. Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де. Шайн уллорачун цІа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гІарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хІума а шайна ма деза». Дерриг а халкъана стигалан къекъар а, цІеран алу а, кІур туьйсу лам а гора, уьстагІан маІан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах. Цара Мусага элира: «Ахь дийца тхоьца, оха ладугІур ду, амма Дала тхоьца къамел ма дойла, тхо ца далийтархьама». Мусас халкъе элира: «Кхера ма кхера. Дела шу зен а, Шега болчу ларамах шу дуьзна а долуш, шуьга къа ца латадайта а веана ву». Халкъ геннахь лаьтташ дара, ткъа Муса Дела чохь волчу юькъачу мархина гергавеара. Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш. Суна хьалха шайна дато а, дашо а цІуш ма бе. Лаьттах Суна лерина сагІа доккху меттиг а яй, цу тІехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш даха, шайн уьстагІий а, стерчий а далош. Сан цІе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тІе а вогІуш, Ас шу декъалдийр ду. Нагахь шаьш Суна лерина сагІа доккху меттиг тІулгех еш хилахь, хьаькхначу тІулгех ма е иза. ТІулг хьокхучу гІирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду. СагІа доккхучу меттигна тІевоьдучохь лами ма бе. Цунна тІехула шу хьаладовлуш, бедаршна кІелхьара шун дегІ гур ду“». Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тІехь малико шега дийцинарг дІааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама. ТІаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тІетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахІиман тІаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тІаьхьенах волчунна Дала чІагІо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гІоьнца. Нагахь маликашкахула аьлла дош чІогІа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогІарна а таІзар деш а хилча,
Выбор основного перевода