Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сихо яй, сан дена тІе а кхачий, ала цуьнга: „Хьан кІанта Юсупа хабар доуьйту хьоьга: ‘Дала со Мисар-махкахь куьйгалхо вина. Со волчу схьавола, хан ца йолуьйтуш. ГІашан цІе йолчу меттехь Іийр ву хьо, суна уллохь. Хьан бераш а, берийн бераш а, берриг а бахам а, дерриг а даьхни а схьадаладе. ГІашанехь хьо а, хьан доьзал а кхобур бу ас, хІунда аьлча тІедогІуш мацаллин пхи шо ду. Иза ца дахь, хьо а, хьан цІа а, хьан долахь дерг дерриг а эшамехь хир ду’“. Шайн да а, доьзалш а кхуза схьа а балабе. Ас Мисарахь тоьлла долу латта лур ду шуна, цунах схьадаьллачух дехар ду шу, алий». Кхин а элира пирІуно: «Хьуна тІедуьллу ас, Юсуп, хьайн вежаршка дІаалар: „Мисар-махкара гІудалкхаш йига шайн бераш а, зударий а схьабало, шайн да а валош, шаьш а схьадуьйла. Ширачу лаьмнийн деза хиларал а, даим лаьттачу гунийн хаза хиларал а лекха ду хьан дас хьо декъалвар. Шен вежаршна юкъахь эла волчу Юсупца хуьлийла и декъалвар. Бен-Яман дера борз ю. Іуьйранна шен ижу юу цо, сарахь талорца карадеанарг доькъу». Верриг а Якъубах схьаваьлларг кхузткъе итт вара, ткъа Юсуп цу хенахь Мисарахь вара. Шун дай Мисар-махка баьхкинчу хенахь, уьш кхузткъе итт стаг бен вацара, ткъа хІинца шун Везачу Дала, стигалара седарчий санна, алсамдаьхна шу».
Выбор основного перевода