Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Исраилан тІаьхьенах болу нах, деба а дебаш, алсамбуьйлуш бара. Берриг а мохк буьзнера цара. Юха Мисар-махкахь керла пирІун хІоьттира, цунна Юсупах лаьцна хІумма а ца хаьара. Цо элира шен халкъе: «Исраилан халкъ доккха хилла, иза вайна кхераме хила мегаш ду. ЧІогІа дебийра Везачу Эло Шен къам, церан мостагІел а ницкъ болуш бира Цо уьш. Цо мостагІийн дегнаш хийцира, Шен къам ца дезийта а, Шен ялхошна дуьхьал мекарлонца лела а.
Выбор основного перевода