17
Хьанас, дІа а вахана, шега аьлла цІа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бІаьргаш тІе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогІуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Іийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а».