Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хІара дикачу агІор гайтира Везачу Эло. ПирІуно а, цунна гонах болчу элаша а, реза а хилла, тІетодира Юсупа аьлларг. Шен элашка пирІуно хаьттира: «ХІара стаг санна верг вайна кхин мила карор ву, шена чохь Делан Са а долуш?» ТІаккха пирІуно Юсупе элира: «Дала и дерриг а хьуна схьадиллина хилча, хьол хьекъал долуш а, хІуманах кхеташ а стаг вац. Ас сайн цІенна тІехь куьйгалла дан хІоттаво хьо, дерриг а сан халкъ хьан омранаш кхочушдеш хир ду. Паччахьан дарже хьаьжна бен, со хьол лакхара хир вац». ПирІуно элира Юсупе: «Хьажалахь, ас берриг а Мисар-махка тІехь куьйгалла дан хІоттаво хьо». Мисар-махкахь куьйгалхо Юсуп вара. Махкахь дерриг а халкъана кІа духкуш вара иза. ДІакхаьчна вежарий, лаьтта охьакхаччалц Юсупна хьалха охьатаьІира. Цо шен цІа чохь хьаькам вина дІахІоттийра иза, шен мел долчу хьолана дола дан а,
Выбор основного перевода