Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Юсупа, ялхой болчохь кхин са а ца тохаделла, мохь туьйхира: «ДІадовла суна гучуьра!» Царах цхьа а чохь вацара, Юсупа ша вежаршна вовзийтича. Иза чІогІа вилхира, мисархошна а, пирІунан цІенна а хезара цуьнан белхар. Юсупа элира шен вежаршка: «Со Юсуп ву! Дийна вуй сан да?» Амма инзарбевлла а, кхерабелла а болчу вежаршка дуьхьал жоп ца далалора. ТІаккха Юсупа элира: «Суна тІедуьйлийша». Уьш тІебаьхкича, цо элира: «Со аша Мисар-махка воьхкина шун ваша Юсуп ву! Юсупан вежарий баьхкина аьлла, хабар пирІунна тІекхечира. ПирІун а, цунна уллорнаш а хазахеташ бара.
Выбор основного перевода