Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо тІевеана лелаш волу КанаІан-мохк берриг а хьуна дІалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІа а лур бу, церан Дела а хир ву Со». Цо элира соьга: „Ас дебор бу хьан доьзал, хьан дуккха а бераш хуьлуьйтур ду, хьох халкъийн доьзал схьабер бу. ХІара латта хьан тІаьхьенна гуттаренна а дІалур ду Ас“. «Іабарим лаьмнашна тІе хьала а валий, муабахойн лаьтта тІехь Ерихон-гІалина дуьхьал болчу Набу-лома тІе а валий, дІахьажа КанаІан-махке, Ас исраилхошна дола дІалуш долчу лаьтте. Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дІадоладелча, динан дайша бартбаран тІорказ, нахана хьалха а даьккхина, дІадаьхьира. Халкъ царна тІаьххье дІадахара. ТІорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кІа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу), лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дахьаш богІу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тІехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тІехула Йорданах дехьабовллалц. Латта схьадаьккхинчул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дІахІоттийра цара цигахь. Везачу Эло шуна хьалхара сийлахь а, андий а къаьмнаш дІалаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц шуна дуьхьало янъелла цхьа а вац. Дерриг а халкъаш, шайна юкъахь кху лаьтта тІехь Іийна эмархой а болуш, тхо долчуьра дІалаьхкина Везачу Эло. Цундела оха Іамал йийр ю Цунна, хІунда аьлча Иза тхан Дела ву». ТІаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цІенна чохь Іаш ву, ткъа Делан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». Натас паччахье элира: «Хьайна дан дагадеанарг, ваха а гІой, де, Веза Эла хьоьца ву». Амма цу буссехь Натига Везачу Элан дош кхечира: «Ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Іан цІа ден верг? Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тІекхаччалц, Со цІа чохь Іийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Іийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш. Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн Исраилан къомана тІехь Іуналла дан Айса къобалвинчуьнга хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цІа хІунда ца до?’“ Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. Хьо мичча вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагІий Аса хІаллакбина. Аса дуьнен тІехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур ю, иза цигахь паргІат охьахаийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца, мехкан куьйгалхой Сан къомана тІехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагІех хьо кІелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тІаьхьенах цІа дийр ду аьлла. Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таІзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таІзар дийр ду Ас цунна. Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бІаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а. Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» Шен цІеношкахь ша вехаш Іачу хенахь, Дауда Ната-пайхамаре элира: «Гой хьуна, со баганан дечигах динчу паччахьан цІа чохь Іаш ву, ткъа Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». Натас Дауде элира: «Хьайна дан дагадеанарг дерриг а кхочушде, хІунда аьлча Дела хьоьца ву». Амма цу буссехь Натига Делан дош кхечира: «Ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Суна чохь Іан цІа ахь дийр дац, хІунда аьлча Исраилан халкъ Аса арадаьккхинчу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц цІа чохь Іар а доцуш, цхьана четар чуьра вукху четар чу а, цхьана меттера вукху метте а волуш, ваьлла лелара Со. Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн къомана тІехь Іуналла дан Айса къобалвинчу куьйгалхочуьнга, хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цІа хІунда ца до?’ – аьлла. Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, массо а ницкъийн Везачу Эло цуьнга боху алий: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. Хьо миччахьа вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагІий Аса хІаллакбина. Аса дуьнен тІехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур а ю, орамат санна, иза дугІур а ду, шен долахь йолу меттиг цуьнан хилийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца санна, мехкан куьйгалхой Сан къомана тІехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан массо а мостагІий кІелбуьтур бу. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тІаьхьенах цІа дийр ду аьлла. Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса меттахІоттор ду хьан хІу, хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь а вина. Цуьнан паччахьалла чІагІдийр ду Аса. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза а, цунах схьабевлларш а абаденналц шайн паччахьан даржехь чІагІбийр бу. Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Амма Сайн цуьнга болу безам Аса дІабоккхур бац, хьол хьалха хиллачуьнга Сайн хилла безам Аса дІабаьккхинехь а. Сайн халкъана тІехь а, Сайн пачхьалкхана тІехь а абаденналц дІахІоттор ву Аса иза. Цуьнан паччахьалла гуттаренна а чІагІдина хир ду’“». Сан дена Даудана чІогІа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІотто. Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цІе язъян лерина долу цІа хІоттадан хьан чІогІа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Дагаваийтахьа, Веза Эла, Дауд а, цуьнан холчу хІиттар а, цо Везачу Элана чІагІо яр а, Якъубан Нуьцкъалчунна ваІда дар а: «Сайн цІийнан тхевнна кІел гІур вац со, со Іуьллучу метта хьалавер вац со, сайн бІаьргашка наб йойтур яц ас, сайн бІаьргийн негІарш а тІеттІа дохуьйтур дац, Везачу Элана меттиг суна караяллалц, Якъубан Нуьцкъалчунна хІусам хиллалц».
Выбор основного перевода