Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант, Соьгара болу хаам а беш, дІаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьІІера хьайн Іаь тохий, хІокху хІаллакбиначарна чу са даийта, тІаккха уьш денлур бу’“». Циггахь бож чІогІа кураелира, амма иза чІагІъелла дІахІоьттича, цуьнан йоккхаха йолу маІа кагъелира. Цуьнан метта, стигалара мох хьоькхучу еа а агІор а йирзина, йиъ маІа тІеелира. И маІа кагъелира, ткъа цуьнан метта кхин а йиъ маІа тІеелира. Цу халкъах йиъ пачхьалкх хилла дІахІуттур ю, амма, хІара санна, ницкъ болуш хир яц уьш бохург ду иза. «Варелаш! ДІадовдалаш къилбаседерчу махкара, стигалан мох хьоькхучу еа а агІор шу дІасадаржийнера Ас, – боху Везачу Эло. – Цул тІаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агІор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьІІера хьоькху биъ мох дІалаьцнера, иза я лаьттана тІе, я хІордана тІе, я цхьанна а диттана тІе ца бахийтархьама.
Выбор основного перевода