Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ЯхІуд-махкахула дІа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кІел кхаччалц. Іимануал, Хьан латта мел ду дІасадаьржар ду иза, дІасадахийтинчу тІемашца санна!» Нил-хи санна, хьаладолуш дерг мила ду? Цуьнан хиш санна, тІехдуьйлуш дерг мила ду? Мисаран къам ду, Нил-хи санна хьаладолуш а, хин гаьннаш санна тІехдолуш а. Цо боху: „Аса дерриг а латта дІахьулдийр ду, цу тІера ерриг а гІаланаш а, царна чуьра бахархой а хІаллакбийр бу“. ТІаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхІ-ворхІ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хІумма а дацахь а. Ткъа гІала а, Делан цІа а вогІур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТІаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тІаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тІекхаччалц тІом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. Амма цуьнан цІерачех цхьаъ, церан эскарна тІе а летта, къилбаседе-махкарчу паччахьан гІалин гІопах чекх а ваьлла, къовсавелча, тоьлур а ву, чІагІлур а ву. Дерриг а латта дузуш, дукха долу мостагІийн цІоз, дистинчу хино дІадаьхьча санна, хІаллакдийр ду цо, бертан баьчча а тІехь. ТІаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гІудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тІетатталур ву цунна. ТІаккха, дистина догІу хи санна, мехкашна тІе а кхетта, царна тІехула чекхвер ву иза.
Выбор основного перевода