Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
МостагІчун пхерчий ира ду, Іедаш дуьйлина ду, цуьнан говрийн бергаш мокхазах тера ю, гІудалкхийн чкъургаш, мох санна, хьийзаш ю. ТІаккха цуьнан кІенташа караоьцур ду герз. Цара цхьаьнатухур ду Іаламат доккха эскар. Иза, дистина хи санна, сихха дахана, чекх а даьлла, юхадоьрзур ду. КІенташа тІом бийр бу мостагІийн гІалин гІопана тІекхаччалц. Къилбаседе-махкара паччахь юхавоьрзур ву. Цо хьалхалерачул а доккха эскар вовшахтухур ду. Масех шо даьлча, кхин а доккхачу эскарца а, тІеман шорттачу гІирсашца а иза сихха схьавогІур ву. Делахь а, къилбаседе-махкара паччахь схьавеача, дуьхьалонаш а хІиттийна, шен дола йоккхур ю цо чІагІйина йолу гІала. Къилбехьарчаьрга цунна дуьхьало ялур яц, ур-атталла церан къастийна долчу эскарийн а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац. Цуьнца цхьана шуьне хуьйшу нах а иза хІаллакван гІертар бу. ТІаккха цуьнан эскар дІасадаьржар ду, дуккха а байинарш а хир бу. Цу шина а паччахьан даг чохь ямартло хир ю. Цхьаьна барт бан хевшинчохь а аьшпаш буттур бу цара, амма толам хир бац церан, хІунда аьлча чаккхе цхьана ханна дІатеттина йолу дела.
Выбор основного перевода