Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цуьнан метта дІахІуттур ву шех дог доккхуьйтуш верг, паччахьан санна, сий дийр дац цуьнан, амма иза гІар-тата доцуш вогІур а ву, мекарлонца цо и паччахьалла шен дола доккхур а ду. Шаьш бала хьоьгучу хенахь царна жимма гІо хир ду, тІаккха дукхахберш царах дІауьйр бу, амма доггах хир дац иза. Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тІе догІу кхевссина догІа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Іийр а дац. Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагІийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кІелхьарваккхалур вац. Хьан куьг мостагІашна тІе айалур ду, уьш берриш а ахь хІаллакбийр бу.
Выбор основного перевода