Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Къилбаседе-махкара паччахь юхавоьрзур ву. Цо хьалхалерачул а доккха эскар вовшахтухур ду. Масех шо даьлча, кхин а доккхачу эскарца а, тІеман шорттачу гІирсашца а иза сихха схьавогІур ву. Делахь а, къилбаседе-махкара паччахь схьавеача, дуьхьалонаш а хІиттийна, шен дола йоккхур ю цо чІагІйина йолу гІала. Къилбехьарчаьрга цунна дуьхьало ялур яц, ур-атталла церан къастийна долчу эскарийн а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац. ТІаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гІудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тІетатталур ву цунна. ТІаккха, дистина догІу хи санна, мехкашна тІе а кхетта, царна тІехула чекхвер ву иза.
Выбор основного перевода