Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цхьа эзар ши бІе гІудалкх а, кхузткъа эзар дошло а валийра Шушакха шеца. Ткъа цо Мисарара далийна эскар-м дагар а ца далора. Царна юкъахь ливахой а, сукхихой а, хушахой а бара. Мисар-махкана тур дуьхьал дер ду. Цуьнан адам хІаллакдан доладелча а, цуьнан бахам схьабаьккхича а, Мисар-мохк шен бух тІе кхаччалц шайна йохийна гича а, Хушан халкъ, кхераделла, Іадийна хир ду. Хуша а, ПІатІа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваІданца беллачу махкара бахархой а туьро хІаллакбийр бу’. Хуша а, Мисар-мохк а хедар боцу цуьнан ницкъ хуьлура. ПІатІа а, Лива-мохк а цуьнга гІо лаца богІура.
Выбор основного перевода