Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. Жимма хан яьлча, Сан оьгІазалла дІаер ю, тІаккха Сан дералла уьш хІаллакбарна тІейоьрзур ю». Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хІунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела». Со цу маІашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маІашна юккъехула кхин а цхьа жимо маІа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маІа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маІана тІехь бІаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра». Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таІзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Іедал а хийца гІертар ву иза. И нах цуьнан кара дІалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц. Делан эскаро къинош леторна тІера хІора дийнахь доккху сагІа дІатесира. Билггал бакъдерг лаьтта тІе охьатаІийра. Цу маІан ша мел дечунна тІехь аьтто болура. «ХІинца Делан оьгІазлонан тІаьхьарчу деношкахь хиндерг дуьйцур ду ас хьуна, дуьненан чаккхенан билгалъяьккхинчу заманца иза дозуш долу дела, – элира соьга малико. – Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхІ хан-заманна барт чІагІбийр бу. Цу ворхІ заманан эханехь дийнаташ дагош сагІа даккхар а, кхийолчу хІуманийн сагІа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цІийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хІума дІахІоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тІекхаччалц». «Дела» аьлла, цІе йоккхучу а, адамаша Іибадат дечу а массо а хІуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цІа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза. Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла. ВорхІалгІачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Іалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», – аьлла. Кура а, Іеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Іан бакъо елира цунна. Дела а, Делан цІе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Іеса къамелаш дан долийра цо.
Выбор основного перевода