14
ТІаккха, лакхенна тІехь, ша латта ма-везза, лаьтташ волу паччахь гира Іатал-ЯхІуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Іатал-ЯхІус, шен тІехула юьйхина йолу бедар ятІа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла.