Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Къилбаседе-махкара паччахь къилбехьарчу пачхьалкхана тІелетар ву, амма, эша а вина, шен махка юхавоьрзур ву. ТІаккха къилбе-махкара паччахь чІогІа карзахвер ву. Цо, тІе а летта, къилбаседе-махкара паччахьца тІом бийр бу. Къилбаседе-махкара паччахьо вуно доккха эскар арадоккхур ду, амма и эскар къилбе-махкарчу паччахьан кара гІур ду. Цу хенахь дукхахберш къилбе-махкарчу паччахьна дуьхьалбевр бу. ДуьхьалхІоьттина сурт кхочушхилийта, къилберачу паччахьна дуьхьалбевр бу хьан халкъара цхьаболу зуламхой, амма уьш хІаллакьхир бу. Цул тІаьхьа шен боллу ницкъ а, майралла а Іаламат доккхачу эскарца къилбе-махкара паччахьна дуьхьалдоккхур ду цо. ТІаккха къилбе-махкара паччахь юха а цуьнан эскарал а доккхачу эскарца дуьхьалвер ву, амма тоьлур вац, цунна ямартло йийр йолу дела. ТІаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гІудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тІетатталур ву цунна. ТІаккха, дистина догІу хи санна, мехкашна тІе а кхетта, царна тІехула чекхвер ву иза.
Выбор основного перевода