Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Дала цунна елла йолчу сийлаллех массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а долу адамаш цунах кхералора, озалора. Шена лиънарг воьра цо, шена лиънарг дийна вуьтура цо. Шена лиънарг вазвора, шена лиънарг кІезиг хоьтуьйтура. Цу коьмо малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а маІаш Іуьттура. Цхьанна а экхане цунна дуьхьало ца ялора, цхьа а цунах кІелхьара а ца далалора. Цо шена луъург а дора, кураллаш а йора. Со цу белхан ойла еш волчу хенахь, малхбузехьара, сов сиха ярна, лаьттах ког а ца кхеташ, цхьа бож яра йогІуш. Цу божан шина бІаьрга юккъехь схьакъаьсташ гуш цхьа маІа яра. Ткъа хьуна гина йолу месала бож – иза грекийн паччахь ву. Цуьнан бІаьргашна юккъехь йолу йоккха маІа – иза цу грекийн дуьххьарлера паччахь ву.
Выбор основного перевода