Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
церан цІу-деланаш цІерга а кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тІулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хІаллакдан тарлора. «Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьІна ву. Оцу деланийн суьрташ хІинца бежанашна тІехь дІахьош ду. Хьалха аша дІакхехьначарах кІадделлачу даьхнина беза мохь хилла. Цхьаьний уьш дог доьхна а, охьатаьІна а хилла. Шайн суьрташ кІелхьар ца дахало оцу харцделанашка. ХІинца уьш шаьш а йийсаре дІабахана бу! Набухди-Нецара мисархойн деланийн цІеношкахь цІе латор ю, цигара цІуш я багор бу, я йийсаре дІабуьгур бу. ЖаІуьно шен бедар мезех цІан ма-ярра, Мисар-мохк цІанбийр бу цо, цул тІаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. Набухди-Нецара Ана-гІалахь долчу харцделанашна хІиттийна тІулгаш дохор ду, ткъа мисархойн харцделанийн цІенош цІарца дагор ду’“».
Выбор основного перевода