Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
КхидІа суна гира цу божо, дар а елла, цу коьмана тІе а кхетта, цунах лата а летта, иза эшош. Цуьнан ши маІа йохийра цо. Цу коьман ницкъ ца тоьира божана дуьхьал лата. Цу божо, тоьхна лаьтта а божийна, хьаьшна дІабахийтира ка. Вацар-кх цхьа а и ка цу божан карара кІелхьарбаккхалур волуш. ТІаккха къилбе-махкара паччахь чІагІлур ву, ткъа цуьнан эскаран хьаькамех цхьаъ цул тоьлур ву. Цул тІаьхьа цо олалла а дийр ду, цуьнан олаллин ницкъ алсамо а хир бу. ТІаккха цуьнан кІенташа караоьцур ду герз. Цара цхьаьнатухур ду Іаламат доккха эскар. Иза, дистина хи санна, сихха дахана, чекх а даьлла, юхадоьрзур ду. КІенташа тІом бийр бу мостагІийн гІалин гІопана тІекхаччалц.
Выбор основного перевода