Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Борз а, Іахар а цхьаьна бежаш хир бу, лоьмо, старо санна, докъар дуур ду, ткъа лаьхьанна кхача латта хир ду. Цара зен а дийр дац, бохам а бийр бац берриг а Сан безачу лам тІехь», – боху Везачу Эло. Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгІатна говрашна тІехь а, гІудалкхаш чохь а, ворданашна тІехь а, бІарзанашна а, эмкалшна а тІехь Сан безачу лам тІе, Ярушалайме, – боху Везачу Эло, – исраилхоша Везачу Элан цІийне цІеначу пхьегІи чохь совгІат ма-дарра. Хьалдолу Эла! Хьайн йоллучу нийсонга хьаьжжина, дІайоккхийла Ахь Хьайн оьгІазалла а, дералла а Хьайн Ярушалайм-гІалина тІера. Иза Хьан гІала а, Ахь базбина лам а ма бу! Оха летийна къинош а, тхан дайн талхар а бахьана долуш, гонах болчара массара а Ярушалайм-гІалин а, Хьан халкъан а сий дайина. Аса а, сан Исраилан халкъо а летийначу къиношна со къера хилар дІадийцира ас доІанехь. Сайн Делан ломах лаьцна дехар а дІаделхийра ас сан Везачу Далла хьалха. Цунна дуьхьал ваьлларг а цуьнан лаамца лелар ву. Латталур вац, ца вужуш, цунна хьалха цхьа а. Цу „къаьсттина хаза болчу махкахь“ шен толаман меттамотт цо дІахІоттийча, и мохк хІаллакбар цуьнан карахь хир ду. ТІаккха мехкашна юкъара а къаьсттина хаза болчу махкана чу вер ву иза. Эзарнаш хІаллакьхир бу. Эдом-мохк, Муаби-мохк, Іамминхойн коьрта дакъа а бен, цуьнан кара ца доьдуш дуьсур дац.
Выбор основного перевода