Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Машаре, беркате долчу мехкашна чувер ву иза. Цкъа а шен дайша а, шен дедайша а ца динарг дийр ду цо. Караеана хІонс а, схьаяьхна хІуманаш а, бахам а шена тІаьхьахІиттинчарна юкъахь боькъур бу цо. ГІепаш схьаяха ойланаш а йийр ю цо, амма иза цхьа хан тІекхаччалц хир ду. Делан весеташна дуьхьалбевлларш мекарлонца шена тІеозор бу цо. Амма шайн Далла тешаме болчара цунна чІогІа дуьхьало йийр ю. Шаьш бала хьоьгучу хенахь царна жимма гІо хир ду, тІаккха дукхахберш царах дІауьйр бу, амма доггах хир дац иза.
Выбор основного перевода