Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тІе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а. Дукхахберш цІанлур бу, кІайлур бу, лалор бу уьш зерца. Зуламхой харцонаш еш хир бу. Іесачех цхьа а кхетар вац кхунах, ткъа хьекъалнаш кхетар бу. Шу Іазапанний, Іожаллиний кара дІалур ду. Сан цІе бахьана долуш массо а къаьмнийн шуьга цабезам кхоллалур бу. Гуламан цІенойх дІакъастор ду шу. Цул сов, тІекхочуш ю и зама, муьлххачунна а, шух цхьаъ ша вийча, ша Далла гІуллакх до моьттуш. Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тІехь. Царна тІулгаш а кхуьссура, уьш херхашца хеда а бора, таррашца байа а бойура. Чудаха цІа а доцуш, уьстагІийн а, гезарийн а кхекхий а хьерчийна, лелла уьш, халонаш а, баланаш а, наха шайна беш болу ницкъ а ловш. Дерриг а дуьненал лакхара болу уьш яьссачу аренашкахула, лаьмнашкахула, хьехашкахула, Іаннашкахула бевлла лелара. Уьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Іин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву.
Выбор основного перевода