Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тІехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгІазло хиллалц иза тоьлур ву, хІунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду. вайна иштта ду: Дела цхьаъ бен вац вайн, Иза Да ву вайн, массо а хІума Цуьнгара хилла а ду, вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду. Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн. Иза Дала леррина къобалвина Іийса ву, Цуьнгахула массо хІума хилла а ду, вай Цуьнгахула дехаш а ду. Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хІуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Іийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург. Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хІума бІаьрга дан ца дезаш хир бу уьш.
Выбор основного перевода