Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа РахьбуІама ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь Іаш болчу исраилхошна тІехь паччахьалла дира. Цул тІаьхьа бепиг дотту аьчка у схьа а эций, хьайний, цу гІалиний юккъе дІахІоттаде. Цу гІалина тІе а верзий, цунна го а бай, иза схьаяккха хьажа. Иза Исраилан халкъана билгало хир ю. Хьайн бІаьргаш го лаьцначу Ярушалаймана тІе а хьажабай, берзинчу пхьаьрсаца цунна дуьхьал Делера болу хаамаш бе. Ткъа хьуна гина долу, кхийран поппарца эдина долу эчиг иза – оцу пачхьалкхийн урхалчаш адаман хІуьнца, вовшашлахь захалонаш деш, элур бу бохург ду. Амма эчиг а, поппар а цхьаьна ца эдаларе терра, и пачхьалкхаш цхьаьнакхетар яц. Цу шина а паччахьан даг чохь ямартло хир ю. Цхьаьна барт бан хевшинчохь а аьшпаш буттур бу цара, амма толам хир бац церан, хІунда аьлча чаккхе цхьана ханна дІатеттина йолу дела.
Выбор основного перевода