Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ур-атталла сан уггар дикачу доттагІчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина. ТІаккха цуьнан кІенташа караоьцур ду герз. Цара цхьаьнатухур ду Іаламат доккха эскар. Иза, дистина хи санна, сихха дахана, чекх а даьлла, юхадоьрзур ду. КІенташа тІом бийр бу мостагІийн гІалин гІопана тІекхаччалц. ТІаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гІудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тІетатталур ву цунна. ТІаккха, дистина догІу хи санна, мехкашна тІе а кхетта, царна тІехула чекхвер ву иза. Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тІехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тІе куьг айина“, – боху дешнаш.
Выбор основного перевода