Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цу шина а паччахьан даг чохь ямартло хир ю. Цхьаьна барт бан хевшинчохь а аьшпаш буттур бу цара, амма толам хир бац церан, хІунда аьлча чаккхе цхьана ханна дІатеттина йолу дела. ТІаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гІудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тІетатталур ву цунна. ТІаккха, дистина догІу хи санна, мехкашна тІе а кхетта, царна тІехула чекхвер ву иза. Дукхахберш цІанлур бу, кІайлур бу, лалор бу уьш зерца. Зуламхой харцонаш еш хир бу. Іесачех цхьа а кхетар вац кхунах, ткъа хьекъалнаш кхетар бу. И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“» Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дІахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цІандо, алссам стоьмаш хилийта. Иза дети лалош а, цІандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цІанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагІанаш цаьрга дахийтархьама. ТІаккха Везачу Элана яхІудхойн а, ярушалаймхойн а сагІанаш тамехь хир ду, ширачу заманан деношкахь санна а, дІадаханчу шерашкахь санна а. Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама. Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТІаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цІан а дина, Іахаран цІийца кІайдина.
Выбор основного перевода