Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Айхьа зулам дарх дозаллаш стенна до ахь, нуьцкъала стаг? Дела массо а ханна тешаме ву. Хьайн ницкъаца Ахь лаьмнаш дІахІиттадо, Хьайн гІодаюккъехь гІора а Ахь латтадо. «Церан мотт, Іад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хІуманна тІаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло. «Ларлуш хила шайн доттагІех, шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша, хІунда аьлча хІора гергарчо Іехаво, ткъа хІора доттагІчо эладита даржадо. ХІораммо а шен доттагІа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тІетабина. Къинош а летош, уьш Суна тІе ца берзало. ГІело а йина, цара кхин а гІело йо. Іеха а вина, цара кхин а Іехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дІакъехка», – боху Везачу Эло. Цхьаболчу хьекъал долчу наха, шаьш бахчабалархьама, цІанбархьама, кІайбархьама, баланаш хьоьгур бу чаккхенан хан тІекхаччалц, хІунда аьлча билгалъяьккхина хан хІинца а хир йолуш ю. ТІаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гІудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тІетатталур ву цунна. ТІаккха, дистина догІу хи санна, мехкашна тІе а кхетта, царна тІехула чекхвер ву иза. И хаам дІаязбе, хІунда аьлча Ас дІахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугІуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац.
Выбор основного перевода