Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цхьа Іахар Іуьйранна баго беза, шолгІаниг – суьйранна. Ур-атталла цу ницкъийн Элана а дуьхьалъелира иза. Цунна хІора дийнахь сагІа даккхар а дихкира цо, Цуьнан цІа а сийсаздаьккхира цо. Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хІора дийнахь доккхучу сагІанах а, Далла вас еш долу къилахь хІуманаш лелорах а, Делан цІа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхІуттучу суьртехь юьйцу зама?» Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхІ хан-заманна барт чІагІбийр бу. Цу ворхІ заманан эханехь дийнаташ дагош сагІа даккхар а, кхийолчу хІуманийн сагІа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цІийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хІума дІахІоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тІекхаччалц». СагІа даккхар а сацийна, вас еш йолу къемате хІума дІахІоттийначул тІаьхьа цхьа эзар ши бІе дезткъе итт де дер ду. «Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хІума“ езачу метте дІахІоьттина шайна гича, – (хІара доьшург нийса кхетийла!), «Ткъа хІотто ца дезачохь, „вас еш йолу къемате хІума“ хІоттийна шайна гича (хІара доьшург нийса кхетийла!), тІаккха цу хенахь ЯхІуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дІаводийла.
Выбор основного перевода