Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. Халкъаш, ладогІалаш Везачу Элера болчу хааме, хІордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дІахаийталаш: «Исраилан халкъ дІасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду. Іуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду». Эпрайман халкъо Веза Эла чІогІа оьгІазвахийтина. Іанийначу цІийна цуьнгара жоп доьхур ду Цо. Цадашар Везачу Эло цунна дуьхьалдоккхур ду.
Выбор основного перевода