Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цу махкахула дІа а вахана, Шехем цІе йолу гІала йолчу а, МорахІ цІе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тІехь Іаш бара канаІанхой. Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира. Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а, хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а, эмархойн а, канаІанхойн а, гІиргІашийн а, явсайхойн а латта», – аьлла. Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву. Хьо тІевеана лелаш волу КанаІан-мохк берриг а хьуна дІалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІа а лур бу, церан Дела а хир ву Со». Дала элира ИбрахІиме: «Ткъа хІара вайшиммо барт барехь ахьа тІелоцун дерг ду: ахьа а, хьан тІаьхьенаша а Сан хьоьца хилла барт ларбан беза. Сан Малико, хьалха а даьлла, дІавуьгур ву хьо. Цо эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, канаІанхошна а, хьаьвихошна а, явсайхошна а тІе вуьгур ву хьо, амма Ас хІаллакбийр бу уьш. Иштта Везачу Эло, Ша церан дайшна лур бу аьлла, чІагІо йина болу мохк исраилхошна дІабелира. Иза схьа а эцна, цу тІехь баха хевшира уьш. Массо а агІор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагІех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дІабеллера мостагІий. Дерриг а Везачу Эло исраилхошна хир ду аьлла диканиг кхочуш ца хуьлуш ца дисира. Дерриг а кхочушхилира Массо а адам даха дезачу новкъа волуш ву со хІинца. Шайн дагаца а, синца а шуна массарна а хаьа, шун Везачу Дала шуна деллачу ваІданех кхочуш ца хуьлуш цхьа а ца диснийла. Уьш дерриг а кхочушхилла, цхьа а ца дуьсуш! Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тІекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тІера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!»
Выбор основного перевода