Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча. Веза Эла Исраилан халкъана чІогІа оьгІазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дІабелира, церан мостагІашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагІашна дуьхьал ца латтаделира. Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. ТІаккха Цо уьш хийрачу махкарчу нехан кара дІабелира, тІаккха царна тІехь куьйгалла деш церан мостагІий дІахІиттира. МостагІаша гІело йора царна, церан куьйга кІелахь уьш къера хилла дІахІиттира. Везачу Эло дукхазза а кІелхьарбохура уьш, амма царна Цунна дуьхьалбовла лаьара, уьш шайн къинойн уьшал чу кхин а кІорга чубахара. Ткъа Цо тидам бира уьш гІайгІанехь хиларан, церан орца даккхар Шена дІахезча. Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира.
Выбор основного перевода