Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ВорхІалгІа де тІедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гІуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира. ТІаккха и ворхІалгІа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гІуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьІира. Мусас цаьрга элира: «Иза Делан лаамца хилла хІума ду, хІунда аьлча кхана Везачу Элана лерина долу садоІу де – шоьтан де ду. Шайн ятта езарг а, кхехко езарг а тахана кечъе, ткъа йиснарг, дІа а йиллий, кханенга яккха». Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. «ДІаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоІу денош ларде, хІунда аьлча тІейогІуш йолчу тІаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла. Шоьтан садоІу де ларде, хІунда аьлча иза шуна деза ду. Иза сийсаздинарг вуьйр ву, цу дийнахь болх беш верг шен халкъана юкъара эккхор ву. Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІа де – Везачу Элан дуьхьа дІакъастош долу дуьззина садаІаран шоьтан де ду. Шотдийнахь болх беш верг муьлхха а вен веза. Массо а хенахь исраилхоша лардан деза шоьтан садоІу де, шайн тІаьхьенашкахь а иза лоруш, гуттар а хир болу барт санна. Иза Суна а, Исраилан халкъана а юкъахь йолу шатайпа билгало ю ерриг а тІейогІу йолчу ханна, хІунда аьлча Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигал а, латта а, ткъа ворхІалгІачу дийнахь Цо, Ша динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, садаьІна“». Ас Сайн шоьтан денош а делира царна, Суна а, царна а юкъахь билгалонаш а хилла дІахІиттина долу, иштта царна дІахаийтархьама, Со уьш Сайн дола бохуш волу Веза Эла вуйла. Ас шайна делла долу шоьтан денош дІакъастаде, царах Суна а, шуна а юкъахь йолу билгало хилийтархьама а, Со шун Веза Эла хилар цаьрга шуна дагадаийтархьама а›.
Выбор основного перевода