Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгІин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТІаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!» Цара юх-юха а Дела зуьйра, Исраилан Везаниг оьгІаз а вохуьйтуш. Шайн сагІа доккхучу гунашца Иза оьгІазъоьхуьйтура, шайн цІушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура. Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгІа йира, лалийначу деших винчу оцу цІунна Іибадат а дира. Цара шайн сийлалла йолу Дела хийцира буц Іуьйшуш лаьттачу стеран суьртах. Цара эсанан суьртехь цІу а вина, цунна сагІа а доккхуш, шайн куьйгашца динчу цу гІуллакхна деза де хІоттийра.
Выбор основного перевода