Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цул тІаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирІун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Іазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира. Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахІимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна. Исраилхошка а хьаьжна, церан Іалашо ян лиира Далла. Исраилхошна эскарца шайна тІевогІу пирІун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш. Цара элира Мусага: «Мисарахь дІадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХІара хІун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна? ХІара хир ду ца бехира оха хьоьга вай Мисарахь долуш? „Дитахьа, дацийтахьа тхо мисархошна“, – ца бехира оха? Мисархойн лоллехь хилар гІоле дара-кх тхуна, яьссачу арахь лечул». Ас мисархойн дегнаш чІагІдийр ду, тІаккха уьш исраилхошна тІаьхьагІур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирІунна а, цуьнан эскарна а, гІудалкхашна а, дошлошна а тІехь толам а баьккхина.
Выбор основного перевода