Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХІинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дІакхелхича, кхин а чІогІа иштта хир дац ткъа шу? ХІинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтІахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цІенна тІе дуьйла. Шайн Везачу Далла гІуллакх де, тІаккха Цо Шен чІогІа йолу дералла шуна тІера дІайоккхур ю. Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду.
Выбор основного перевода