Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Йийсарера юхадирзинчу массо а Исраилан халкъо и Пасахьан кхача биира. Исраилан халкъан Везачу Далла Іибадат дан кхечу къаьмнаша лелош долчу хьарамчу хІуманех шаьш дІакъастийначара а йоура Пасахьан юург. Шаьш динчунна вайн дайн Дела волчу Везачу Элана хьалха мукІарло де, ткъа Цуьнан лаам кхочуш а бе. Шайна гонах дехаш долчу адамех а, царах болчу шайн зударех а дІакъаста». «Ткъа халкъан кхиболчара – динан дайша а, левихоша а, Делан цІийнан кевнехь болчу гІаролхоша а, илланчаша а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а, Делан товрат-хьехаман дуьхьа шаьш кхечу къаьмнех болчарах дІа мел къаьстиначара а, шайн зударшца а, кхетам болуш болчу массо а шайн кІенташца а, йоІаршца а – И товрат-хьехам шайна дІахезча, исраилхоша кхидолу къаьмнех мел верг шайх дІакъастийра. Аса исраилхой иштта цІанбира хийрачу къаьмнаша схьа мел кхехьначух. Юха, динан дайшна а, левихошна а дан дезаш долу гІуллакхаш билгалдехира аса, хІораннан а шен гІуллакх хилийтархьама.
Выбор основного перевода