Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Иза цу гІуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тІе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агІор лаьтташ Матит-ЯхІу а, ШемаІ а, Іани-ЯхІу а, УръяхІу а, Хьалкхи-ЯхІу а, МаІсей-ЯхІу а вара, ткъа аьрру агІор лаьтташ Пади-ЯхІу а, Мишаал а, Малки-ЯхІу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхІу а, Машулим а вара. Адамаш юха хьалагІевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаІ, Бани, Шараб-ЯхІу, Ямин, Іакхуби, Шабитай, ХІуди-ЯхІу, МаІсей-ЯхІу, Кхилати, Іазар-ЯхІу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхІу. Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тІехь болчу тептар тІера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора, адамаш шайна дІадешначух кхоьтуьйтуш.
Выбор основного перевода