Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тІера дешнаш кхочуш а деш. ТІаккха дерриге а халкъо чІагІо йира и барт кхочушбан. ХІинца Исраилан халкъан Везачу Элаца барт бан дагадеана суна, Цуьнга Шен чІогІа йолу дералла вайна тІера дІаяккхийтархьама. БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу тептар тІехь яздина долу бертан дешнаш кхочушдан а. Ткъа хІинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хІара зударий а, цара дина долу бераш а оха дІадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тІелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара.
Выбор основного перевода