Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. Оццу дийнахь цхьа бен-яманхо, тІом болчуьра ведда, Шилуне кхечира. Цунна тІера бедарш этІийна яра, коьрта тІехь чан яра. Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тІера бедарш этІа а яй, шаьш гІайгІане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дІахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тІаьхьахІоьттина воьдуш вара. Иштта, марханаш а кхобуш, цунах лаьцна оха тхайн Деле дийхира, Цо тхуна жоп а делира. Делан цІенна хьалха суждане а воьдуш, воьлхуш, халкъо летийначу къиношна ша къера хилар а дуьйцуш, Іезара доІа дечу хенахь, цунна гонах дуккха а исраилхой гулбелира. Царна юкъахь божарий а, зударий а, бераш а дара. Уьш а чІогІа боьлхуш бара. Шеран ворхІалгІа бутт тІекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Іелам стаг волчу Іезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тІебиллина болу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьада аьлла. Іезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дІаэца кхетам болуш долу бераш а дара.
Выбор основного перевода