Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Иза цу гІуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тІе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агІор лаьтташ Матит-ЯхІу а, ШемаІ а, Іани-ЯхІу а, УръяхІу а, Хьалкхи-ЯхІу а, МаІсей-ЯхІу а вара, ткъа аьрру агІор лаьтташ Пади-ЯхІу а, Мишаал а, Малки-ЯхІу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхІу а, Машулим а вара. Адамаш юха хьалагІевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаІ, Бани, Шараб-ЯхІу, Ямин, Іакхуби, Шабитай, ХІуди-ЯхІу, МаІсей-ЯхІу, Кхилати, Іазар-ЯхІу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхІу. Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тІехь болчу тептар тІера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора, адамаш шайна дІадешначух кхоьтуьйтуш. «ХІунда аьлча Стигалийн Олалла иштта ду. Шен долахь латта а долуш, Іуьйранна сахуьлучу хенахь шен кемсийн бешахь болх байта белхалой лаца вахана цхьа стаг. Іуьйранна исс сахьт даьлча, базаран майданахула тІехволуш, цунна гина цхьа а хІума а ца деш лаьтташ волу масех стаг. Уьш дІабахана. Де делкъе даьлча а, юха делкъал тІаьхьа кхо сахьт даьлча а, базаран майдане а вахана, оцу стага нах кемсийн беша болх бан бахийтина. Іийсас жоп делира: «Шийтта сахьт дац денна чохь? Дийнахь лелаш верг гал ца волу, хІунда аьлча цунна кху дуьненан серло го.
Выбор основного перевода