Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. ХІорда юккъерачу лаьтта тІехула дІабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агІор хи дара царна. Мусас шен куьг хІорда тІехула лаьцча, Іуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хІаллакбира уьш. Шен метте юхадеанчу хино гІудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тІаьхьадаьллачу пирІунан эскарх цхьа а дийна ца висира. КІоргачу хиша уьш къайлабехира. ТІулгаш санна, хи буха а бахана, байна уьш. Амма Ахь царна тІе мох хьаькхира, тІаккха уьш, даш санна, хи буха а бахана, хІордан буьрсачу хиша дІахьулбира. Хьайн ницкъаца хІорд а дІасабекъабалийтира Ахь, хи чуьра саьрмикийн кортош а кегдира Ахь. Эрзийн хІорд дІаса а беккъа, цу юккъехула чекхбехира Цо уьш, ткъа хиш, пенаш санна, лаьтташ дара.
Выбор основного перевода