Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Амма пирІуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгІна, Исраилан халкъ дІахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дІа а хоьцур бац». Ас хьайна тІедиллинарг дерриг а дІаэр ду ахь. Ткъа хьан вашас АхІарона пирІуне эр ду, цуьнга исраилхой шен махкара дІахеца аьлла. Амма пирІунан дог а чІагІдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хІуманаш а гойтур ду Ас. Ткъа пирІуно шуьга ладугІур дац, тІаккха луьра таІзарш а деш, Сайн куьйга охьатаІор ю Ас Мисар. Сайн бІо, Сайн халкъ, Исраилан кІентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. ТІаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тІе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кІентий арабохур бу Ас». Везачу Эло шайна тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас а, АхІарона а. Ас Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тІехь массо а адамна Сайн цІе йовзийта. ХІинца хиъна суна, Веза Эла массо а деланел веза вуйла, исраилхойх ца бешаш лелла болчу мисархошна Цо хІара дерриг дина дела». Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дІасадекънарг, абаденналц Шен цІе гІараяккхархьама? ТогІи чу буссу бажа санна, Везачу Элан Сино садаІа буьгуш бара уьш. Иштта Хьайн халкъ дІадуьгура Ахь, Хьайн сийлахь цІе гІараяккхархьама. Веза Эла, Ахьа инзаре гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а йина Мисар-махкахь, ткъа хІара хан тІекхаччалц изза деш ву Хьо Исраил-махкахь а, массо а адамаш долчу меттехь а. И хІума бахьана долуш массанхьа а гІараяьлла Хьан цІе. Ткъа хІинца, Хьалдолу Дела, Ахьа Хьайн ницкъ болчу куьйгаца Хьайн халкъ Мисар-махкара арадаьккхина. И дар бахьана долуш Ахьа таханлера де тІекхаччалц хьалаайина Хьайн цІе. Оха къинош а летийна, хьарамдерг а лелийна.
Выбор основного перевода