Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дийнахь мархин бІогІамца Ахь уьш балабора, буьйсанна уьш цІеран бІогІамца буьгура, уьш дІабаха беза некъ серлабаккхархьама. цундела Ахьа церан мостагІашна уьш дІалацийта пурба делира, ткъа мостагІаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тІе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дІахІиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугІура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кІелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагІийн зуламах кІелхьара а бохура. Амма Хьайн боккхачу къинхетамца Ахьа уьш массо а хІаллак а ца бира, уьш Ахьа дІа а ца тесира, хІунда аьлча Хьо дика а, къинхетаме а Дела ву! Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира.
Выбор основного перевода