Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Тхи дІадаьлча, лаьтта тІехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хІуманаш йисира. Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хІун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хІун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду. Со Хьариб цІе йолчу меттехь цхьана тарх тІе хьуна хьалха дІахІуттур ву. Ахь тархах Іаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тІаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гІуллакх кхочушдира Мусас. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн Іаса схьа а эций, ахьа а, АхІарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тІулган тархе деха, тІаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду». Веза Эла волчуьра, тІорказна уллора, Іаса схьаийцира Мусас, Цо шена тІе-ма-диллара. Мусас а, АхІарона а тархана хьалха халкъ гулдира. Мусас элира нахе: «ЛадогІа, карзахдаьлла халкъ! ХІокху тархах даккхий ас шуна хи?» Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Іаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза. Амма Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тІе аш халкъ дуьгур дац». Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна. ХІара латта Ас хІинца шуна дІалуш ду. Чу а гІортий, шайн дола даккха и латта, хІунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тІаьхьа йолчу церан тІаьхьенна а дІалур ду аьлла ваІда дина латта ду иза“». Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна, кІоргачу хІорда санна шортта хи царна лора. Тархах Іовраш Цо охьайолаялийтира, татолаш санна, хиш а дІасадаьржира. Цо кхачанан буьртигаш царна тІе диссийтира, догІа санна, стигалара кІа царна дІаделира. Маликийн бепиг дууш дара адамаш, Цо иза царна уьш буззалц делира. Цара яа хІума йийхира – Цо лекъаш делира царна, стигаларчу ялтица уьш Іаббалц буза а бира. Цо тарх йоьккъушехь, хи схьахецаделира, татолаш а хилла, иза яьссачу аренгахула дІадахара. Тхан дайша яьссачу аренгахь стигалан кхача биъна, яздина ма-хиллара: „Стигалшкара доссийна бепиг делира царна даа“». Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна. Иштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хІунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийначу тІулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТІулг бара – Дала леррина Къобалвинарг.
Выбор основного перевода