Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тІекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тІера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!» Тхайн дайша санна оха къинош летийна. Оха вонаш а дина, Іеса а лелла тхо. Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо. Хьан цІарах тхан паччахьашка, тхан элашка, тхан дайшка, тхан дерриге а халкъе бистхуьлуш болчу Хьан пайхамаршка ла ца дугІура оха. Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьІаьржачу хІиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела.
Выбор основного перевода