Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ТІаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаІал-деланашна Іамал а еш. Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гІуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чІогІа оьгІазвахийтира. Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгІаз а вохуьйтуш, лалийначу хІуманах цІуш а бина, хьайна кхин деланаш дІахІиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дІатеттина ахь. Изабала Везачу Элан пайхамараш хІаллакбечу хенахь, Іабди-ЯхІус цхьа бІе пайхамар схьагулвира. ТІаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Іабди-ЯхІус юург а, мала хи а латтадора царна.) Юха динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІантана Закри-ЯхІуна тІе доьссинчу Делан Синан ницкъо дІахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дІа а хІоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХІунда довлу шу Везачу Эло тІедиллинчунна тІера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дІатасаре терра, Цо а дІатосур ду шу“». Цара, Закри-ЯхІуна дуьхьал барт а бина, паччахьан омрица Везачу Элан цІийнан кертахь цунна тІе тІулгаш кхиссира. Ткъа хьо нисвар хьуна бІаьрга дан ца деза, Сан дешнаш а хьайна тІехьа дІатотту ахьа. Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тІедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТІаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тІе Сайн дералла охьаІано а, цаьрга Сайн оьгІазалла кхачийта а. Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.
Выбор основного перевода