Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Шаьш хьалха Іийначу Мисар-махкахь хилларг а, хІинца Ас шаьш дуьгучу КанаІан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тІе ма эцалаш. Амма тхан дай кура дегнаш долуш а, юхахьара а бара. Хьан весеташка ла ца дуьйгІира цара. Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тІера уьш дІабирзира. Хьан пайхамарша уьш чІогІа боьхура, Хьуна тІе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Іеса къамелаш дора, Хьо тхан дайшца чІогІа собаре вара. Дуккха а шерашкахь царна садиттира Ахьа. Хьайн пайхамарш Хьайн Синехула иракара а хІиттийна, оцу пайхамаршкахула царна дІахьедора Ахь. Амма цара ла ца дугІура, цундела Ахьа уьш кхечу къаьмнийн кара дІабелира. Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тІедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТІаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тІе Сайн дералла охьаІано а, цаьрга Сайн оьгІазалла кхачийта а. Амма Сан тидам бан ца лаьара царна, Сох дІабоьрзура уьш, шайн лергаш дІакъовлура цара, Со шайна ца хазийта. Іийсас цуьнга элира: «Соьга хІунда хоьтту ахьа, диканиг муьлха ду бохуш. Цхьаъ бен вац Диканиг. Ткъа хьо Дела волчохь хьайн дахар нисдалийта лууш велахь, хьайна тІедиллина парзаш кхочушде». Муса-пайхамаран товрат тІехь долчу бакъахьарачу гІуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тІехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
Выбор основного перевода