Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхІаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тІебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамІ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира. И ерриге а гІаланаш лекхачу пенашца, кевнашца, кевнашна боьгІначу ондачу гІорашца чІагІйина яра. Гобаьккхина пенашца чІагІъяза кхин а дуккха а гІаланаш яра цигахь. Шуна луш долчу лаьтта тІехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цІенош а, аша яьхна йоцу гІунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тІехь Іаббал баа кхача шайна хилахь, Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тІе дІадуьгуш ду. Оцу лаьтта тІехь татолаш, Іемаш а, шовданаш а ду, тогІешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу. Оцу лаьтта тІехь кІа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. «ЛадогІа, исраилхой: шу хІинца Йордан-хина дехьадовла дохкуш ду, стигал хьалаккхаччал лекха чІагІонаш чохь йолу яккхий гІаланаш йолу а, шун халкъал дукха долу а, ницкъ болу а халкъаш долу латта шайн дола даккхархьама. Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. Цул тІаьхьарчу дийнахь Сулим-паччахьо халкъ дІасахийцира. ТІаккха, паччахь декъал а веш, шайн хІусамашка юхадоьрзура адам. Халкъ самукъадаьлла дара, Везачу Эло шен лай волчу Дауд-паччахьна а, Шен Исраилан халкъана а дина дика хазахетта.
Выбор основного перевода